День чеченского языка
25.04.2023Муьлххачу а къоман цхьаннах тера боцу шен ненан мотт бу. ХIора стеган а, зудчун а декхар ду ненан мотт хаа. Декхар муха хир вац цуьнан дайша цунна дина весеташ цу маттахь хилча. Цара бийцинарг а, цо буьйцуш берг а, цуьнан тIаьхьенаша буьйцур берг а изза хилча. ХIораммо а лара безаш а, Iалашбан безаш а бу ненан мотт. ХIораннан даймохк дIаболало ненан маттера. Меттан ницкъ боккха бу. Адамана чов йан а, йа иза хIокху дуьненахь уггаре а ирсе хетийта а ницкъ бу меттан.
25-чу апрелехь тхан берийн бешахь д1аяхьира нохчийн маттана лерина «Нохчийн мотт- сан деган илли!» аьлла мероприяти. Оцу мероприятехь дакъалоцуш бара юккъерчу "Бабочки" ц1е йолчу тобанера кхиорхой . Кхиорхочо а, кхиорхоша а дика кечам бира цу мероприятина. Байташ йийцира, йиш лекхира, хелхарш гайтира, нохчийн кицанаш дийцира, забаре сценка хоттийра.